Презентация - Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-

Нужно больше вариантов? Смотреть похожие
Нажмите для полного просмотра
Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-
Распечатать
  • Уникальность: 88%
  • Слайдов: 16
  • Просмотров: 198
  • Скачиваний: 43
  • Размер: 1.45 MB
  • Онлайн: Да
  • Формат: ppt / pptx
В закладки
Оцени!
  Помогли? Поделись!

Слайды и текст этой онлайн презентации

Слайд 1

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 1
«Нохчийн къам дийна хиларан мокхаза ч1аг1о ю нохчийн мотт» (Кадыров Ахьмад-Хьаьжа) «Халкъо шен ненан мотт, сий ойуш, 1алашбахь, цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц» (Мамакаев Мохьмад) «Бийца мотт а, мохк бацахь, адамех ца олу къам» (Сулейманов Ахьмад )

Слайд 2

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 2
Йиллина урок (5-г1а класс)
Коьчалан ц1е: Ц1ердош карладоккхуш-т1еч1аг1дар. Урокан 1алашо: Ц1ердашах 1амийнарг карла а доккхуш, т1е а дузуш, т1еч1аг1дар. -керлачу некъашца,шайн долчу хаарех пайда а оьцуш, дешархошна кхоллараллин белхан хаарш карадерзор; Карладаха деза: -дожарш, терахьаш,классаш, легарш, кхолладаларан некъаш, нийсаяздар, синтаксически маь1на. Хаа деза : -ц1ердош стенах олу, шен билгалонашца текстехь иза схьалаха; -шайна деллачу т1едилларе хьаьжжина, ц1ердешнаш кхолла; -къамелехь ц1ердешнех нийса пайда эца; юкъара а, долахь а ц1ердешнаш къасто а ,уьш маца, муха яздо а; дацаран дакъалг ца ц1ердашца а,чолхе ц1ердешнаш а муха яздо; -оьрсийн маттера т1еэцна ц1ердешнаш муха яздо -ц1ердешнаш предложенехь муьлха меже хуьлий лела.

Слайд 3

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 3
Урокан тайпа:
Хаарш карладохуш- т1еч1аг1даран . Белхан г1ирсаш: Компьютер, классан у,1амат, тетрадь, ручка,чалтар, кехаташ, суьрташ.и.д1.кх.а.

Слайд 4

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 4
Урокан белхан коьрта некъаш:
- къамел дар; шишшамма а,ша-ша а, тобанашкахь кхоллараллин белхаш бар; - классан уьн т1ехь, суьрташца,чалтарца, дешнашна а, предложенешна т1ехь а болх бар; -ловзаран кеп юкъаялор. Белхан мах хадоран критереш . Ерриге а баллаш 40 ю. 35-39 балл «5» дуьллу; 27-34 балл «4» дуьллу; 21-26 балл «3» дуьллу.

Слайд 5

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 5
I. Вовшахкхетаран минот
1.Маршалла хаттар. 2.Дешархоша урокана бинчу кечаме хьажар. II. Дог-ойла т1еерзор (мотиваци яр) Хьехархочун дош. « Дешар –серло, цадешар-бода» (халкъан кица ) 2. -Бераш,х1окху кицанан маь1на хьан достур дара? (Маь1на досту берашца цхьаьна). Дешаро сирлачу дахаре(серлоне) кхачаво,ткъа дешар –иза вай х1ора урокехь схьаоьцуш долу хаарш ду. Дуй? ----Шуна лаьий ткъа кху урокехь шайн хаарш гайтина, вайн кицано бохучу серлоне кхочий хьажа? – - Делахь, кечло! (Кицанан мах -1 балл)

Слайд 6

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 6
Мини- проектана кечам бар.
-Хьоме бераш, шуна го вайн классан уьн т1ехь можачу маьлхан гуо а, цунна лаха бухахь цхьана дагна серло латточу зезагех цхьаннан юккъера дог а.-Бераш,вайн маьлхан з1аьнарш яц, т1аккха цо кхоччуш серло а,йовхо а лур яц вайна а, я зезагана а, ткъа уьш ца хилча,вайн зезаго шен г1а-патарш хоьцур дац,ткъа зезагаш оьшуш ду вайн 1аламехь. Цундела, вайн таханлера 1алашо ю,вешан хаарш а гойтуш, цу малхе шен з1аьнарш(серло) схьахецийтар. Х1ора вай ц1ердашах нийса гайтинчу хааро вайн малхана цхьацца з1аьнар т1едилла бакъо ло вайна.Иштта,вайн малхо шен з1аьнарш мел хоьцу а, вайн зезаго а хоьцур ду цуьнан серлонехь,йовхонехь шен г1а-патарш. Хьовсур ду вай х1инца вайн кицан т1ехь аьллачу «дешар-серло» бохучу дешнийн дуьхе вешан хааршца вайн кхача ницкъ кхочий. Вайн «Г1оьнча» билгалваккха шайна юкъахь. Цо болх бийр бу вайн хааршка хьаьжжина,вайн маьлхана з1ьнарш луш.

Слайд 7

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 7
III. Хаарш лехаме дахар .
Ситуацеш х1иттор. «Караде д1алечкъина ц1ердош» Дешархочуьнга дехар до (х1уманан ц1е а ца йоккхуш), д1огарниг схьая олий, ткъа дешархочо хатта тарло: «х1ун? Шолг1ачуьнга а олу иза схьакхайкха , ткъа дешархочо хатта тарло: «мила? Дуккха а нах хилча муха эр дара хотту. Дешархоша ала тарло: «муьлш?» Жам1 до: Ц1ердош- иза…

Слайд 8

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 8
IV. Кхоллараллин болх
1. Дага а лаций,д1аязъе : 1-ра тоба: Яртийн ( 5 ц1е) 2-г1а тоба: г1аланийн (5 ц1е) 3-г1а тоба: газетийн (5 ц1е) 4-г1а тоба:журналийн (5 ц1е), Дийца уьш муха язйо. (х1ора т1едиллар-1балл) 2. Чекхъяха предложенеш: 1.Айдамиров Абузар -------- ву . Цо язйина байташ ---------------- 2.«Нохчийн меттан Де» билгалдаьккхинарг ву --------------------- 3. Вайн махкахь уггар а доккха а,ц1ена а хи ду ---------------------- 4. Дукха хан йоццуш ас ешначу киншкин ц1е ю ----------------------- 5.Нохчийчоьнан дешаран-1илманан министр ву -------------------- 6. Дуьххьарлерчу нохчийн меттан газетан ц1е ю ---------------- (х1ора хаттарна 1балл) 3. Дукхаллин терахье даха дешнаш: жутт, раг1,ност,дарц, х1оз , мукъ ,сий, ботт, борз,1алам,сту, газа, хьоза,ирс, кхокха,етт,чилла,архаш. Х1ора дашна(0,5 балл) (Толамхо лору хьалха яьлла а, нийса т1едиллар кхочушдина а тоба )

Слайд 9

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 9
Ловзар «Белхий»
- Бераш, хьовсийша,вай долчу хьошалг1а вог1уш хилла цхьа к1ант «Хьекъалча» ц1е а йолуш. Арахь ког а тасабелла охьакхеттаза виси боху и пекъар. Дукха к1адваларна , лаха чохь садо1уш ву боху иза.Цо ларамза тускар чура 1енийна кехаташ бераша схьа а лахьийна, чудеана. - Бераш, цу чохь х1ун ду хьовсий вай? - Бераш,кху чохь-м вовшех иэделла дожарш а, дешнаш а хилла! Вай г1о дан деза оцу вешан хьешана белхи а бина ,иза чувале уьш д1анисдеш. -Шуна хаьий «белхий» муха бо? Дийца белхий барх а,цуьнан 1алашонах а шайна хуург я хезнарг. - Сиха схьадуьйла классан уьн т1е х1ора тобанера цхьацца бер. - Дисинчу тобанерчу бераша шайн тетрадашна т1ехь легадо х1ораммо а х1окхарах цхьацца ц1ердош: мотт, хехо, зама, маьхча . Билгалъяха церан классаш , легарш а къастаде. (Т1едилларца ларийначу тобанашна 5балл ло)

Слайд 10

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 10
Ловзар «Зоопаркехь »
1. Еа а тобано, рогг1ана , акхаройн,олхазарийн ц1ерш йохуш, д1ахьуо «Зоопарк» ц1е йолчу ловзаран гуо. Х1ора керла дош д1адоладала деза хьалха далийначу дешан т1аьххьарчу а элпа т1ера. З1е ца ходуьйтуш д1адахьа деза ловзар.З1е хадийнарг ловзарна юкъара волу. Масала: алкханч-човка-алхаз… (ловзархой алсам бисинчу тобанна-2балл, вукхарна-1балл.(хан 2минот) 2.Х1ара дешнаш барта д1анисде учебник т1ерачу чалтаран кепехь шайн- шайн классаш чу: 1-ра тоба: Къинхетам, Нийсо ; 2-г1а тоба: Вошалла , Машар; 3-г1а тоба: Доттаг1, Къонахалла; 4-г1а тоба: Оьздангалла, Ирс . 3. Оцу ц1ердешнашна синонимаш даладе. (хан 1 минот) ( Х1ора нийсачу дашна -1балл)

Слайд 11

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 11
«Уггар дика кхоллархо»
-Бераш,4-а а тобано х1окху дешнех схьадевлла дешнаш кхолла –хо,-лг,-лиг,-то-лла,-иг,-г1о,-нча,но,-ало,-ам,- алг суффиксийн г1оьнца. Г1оьнна дешнаш: зурма,б1ал, Гуьна,болх ,юрт, хьун,хаза ц1а,Бена,Атаг1а,г1орза,Шуьйта,вота, Нохч-Махка, Атаг1а,сара. (Х1ора дашна -0,5 балл) -Аша кхоьллинчу дешнашкахь йолу суффиксаш маса тайпана ю? -Дийца,кеп хийцаран муьлхарш ю царах ? Х1ун гойту цара? -Шайгара масалш даладе. (Х1ора масална-о.5 балл. Хан-2 минот) Графически гайта х1ара ц1ердешнаш муха кхолладелла: чулацам,дийцар,т1елатар,хьелийозархо,озабезам, (Х1ора дош-0,5 балл) -Маса некъ бу ц1ердешнийн кхолладаларан? Царна х1оранна а цхьацца масал даладе.

Слайд 12

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 12
«Уггар а дика гочдархо»
Оьрсийн маттера т1еэцна дешнаш ,х1ара дешнаш нохчийн маттахь яздеш ма-хиллара д1аязде: 1-ра тоба: Метр,копейка,ящик,конфета, печь, фуражка, 2-г1а тоба: пристав,аршин, генерал, ведро, машина, судья; 3-г1а тоба : утюг, газета , стакан, шкаф, книга, тетрадь ; 4-г1а тоба: школа,шифонер,коромысло, форма,голифе,солдат. (Х1ора тобанера 1дош 0,5 балл. Хан-1 минот ) Къовларш д1а а йохуш,4 тобано д1аязъе кхарах цхьацца предложени: Нехан (ца) тешамал вон х1ума дац. Шен доттаг1чунна (ца) там бан (ца ) лаьара цунна. Берзалошка луьра (ца) безам бара жа1уьнан. (Ца ) кхетамо г1алатло йолуьйту стагера. Ц1ердешнаш билгалдаха. Дийца, муьлха меже хуьлий лела уьш? (Х1ора предложенина цхьацца балл ло.Хан цхьа минот)

Слайд 13

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 13
Мини-проект «Дешар-серло»

Слайд 14

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 14
Рефлекси.
-Бераш, шуна хаза хийтирий вайн урок? -Вешан хаарша,дешаро дехин вай кху урокехь маьлхан серлонга? -Вай даьхна а ца 1аш, зезаг а ма даьккхи вайн дешаро цу серлонга.Нийса хиллий и кица? - Керланиг х1ун 1еми я девзи шуна кху урокехь? - Ала цунах лаций. - Хало муьлхачу меттехь х1оьттира шуна ? - И хало д1аяккха хьан я стен г1о дира шуна? - Кхин д1а х1ун хуур ду шуна ? - Уггар а ч1ог1а вайн белхан муьлха кеп хазахийтира шуна? - Кхин а хила луур дарий шуна вайн таханлерниг санна урок? - Кест-кеста йийр ю вай иштта урокаш Дала мукъ лахь!!!

Слайд 15

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 15
Ц1ахь бан болх болх. Белхан жам1аш дар.
- Бераш, таханлера ц1ахь бан болх хир бу : «Сан Даймахкахь б1аьсте» ц1е а йолуш жима проект яр. - Ткъа х1инца , сан диканаш, аша х1ора а тобанан декъашхочо шайн баллаш ягаръеш яра. Шайн жам1аш муха ду довзийта вайна х1ора тобано. -Аша тахана массара а дика болх бина, доггах къа а хьегна,цундела, г1оранна к1езго хиллачеран а дог а ца дохош, вайн барт толийтича бакъахьа хетара суна-м . Шуна муха хета? Шу реза дуй? Т1едог1уш «Нохчийн меттан Де» ду, т1аккха суна а лаьа шуна совг1ат дан. Аса тахана шуна массарна а лакхара оценкаш «5»ннаш дохку. Аса даггара декъал а до шу вайн «Нохчийн меттан Дезчу Денца»!!! Дала могшалла а,хьуьнар а,ницкъ а лойла шуна вайн ненан меттан к1оргене кхача а, вайн къоман хьакъболу къонахаша а,мехкарша а санна, и вайн мотт-уггар а хьалдолу бахам,шен хазчу куьцехь,мерзачу чомехь шайна т1аьхьа кхуьучу т1аьхьене совг1атна д1абала!!! Цу т1ехь вайн урок чекхъели. 1одика йойла шун!!!

Слайд 16

Йиллин урок 5-чу классехь. Ц1ердош карладоккхуш-, слайд 16
1одика яр
Баркалла! 1одика йойла шун!
^ Наверх
X
Благодарим за оценку!

Мы будем признательны, если Вы так же поделитесь этой презентацией со своими друзьями и подписчиками.